Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тӀедиллар кхочушдаран гурашкахь Россин Па... — 25 июня 2026 г. в 11:00:30.624
Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тӀедиллар кхочушдаран гурашкахь Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Россин Правительствон Председателан заместительца Новак Александраца. Цу хьокъехь Делимханов Адама хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь. Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира Нохчийн Республикин социальни-экономика кхиор а, промышленность а, энергетикин дакъа а кхиоран тӀаьхьалонех дерг а, кхидолу мехала гӀуллакхаш а. Делимханов Адама билгал ма-даккхара, мехалчу агӀонашкахь баьхна кхиамаш а, йаккхий проекташ кхочушйар а билгал а доккхуш, Новак Александра лаккхара мах хадийна регионан куьйгаллин белхан. Иштта, цо хаам бина регионна ша кхидӀа а гӀо дан кийча хиларан хьокъехь.

