Соьлжа-Гӏалин Эсамбаев Махьмудан бульвар йуха а декорацин таьжнашца кечйина. Цу хьокъех... — 21 июля 2026 г. в 09:26:40.646
Соьлжа-Гӏалин Эсамбаев Махьмудан бульвар йуха а декорацин таьжнашца кечйина. Цу хьокъехь хаам бина пачхьенан мэрехь. "ХӀора а шарахь Соьлжа-ГӀалахь Россера а, арахьара а бӀеннаш эзарнаш туристаш хуьлу. Хьеший цецбуьйлу пачхьенан хазаллех а, цӀаналлех а, нохчийн халкъан леларан культурех а. Дукхахболчара шайна йуха а кхуза дахка лаар билгал а доккху. Эсамбаевн бульвар хьешашна а, республикин бахархошна а дукха йезачу меттигех цхьаъ йу. Кхузахь дӀабаьхьна гӀаш лела меттиг кечйаран белхаш. Кху шарахь иза кечйарехь йуха пайдаэцна хьалаухкучу таьжнех", – йаздина мэрехь. Цигахь билгалдаьккхира, бульвар кест-кеста тайп-тайпанчу агӀор кечйеш хилар. Хьешашна а, бахархошна а хетарехь таьжнашца хазйар чӀогӀа тайна хуьлу цигахь.

