Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Даудов Мохьмада Л... — 15 мая 2026 г. в 08:21:34.604
Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Даудов Мохьмада Лаьмнийн кӀоштийн а, жима а, йуккъера а совдегаралла кхиоран а шарна лерина ша дӀайаьхьначу кхеташонехь. "Карарчу хенахь лаьмнийн кӀошташкахь йеш а, тойеш а 6 ишкол а, 3 берийн беш а, ЖКХ-н объекташ а, некъан а, коммунальни а инфраструктура а йу. Туризман а, йуьртан бахаман а, махлелоран а, энергетикин а дакъошкахь кхочушйеш инвестицин 75 проект йу. Иштта, дӀахьош ду бизнесана гӀо дар. ХӀинцале а кхочушйина совдегараллин цхьамогӀа проекташ", – билгалдаьккхира Даудов Мохьмада. Кхеташонан жамӀ деш Нохчийчоьнан Правительствон Председатела цхьацца тӀедахкарш дира.

