Россин Федерацин Президента Путин Владимира муниципальни йукъараллин векалшца ша дӀадаь... — 2 июня 2026 г. в 07:07:45.841
Россин Федерацин Президента Путин Владимира муниципальни йукъараллин векалшца ша дӀадаьхьначу цхьаьнакхетарехь тӀедиллина чӀогӀа догӀанаш эхар бахьана долуш шайн цхьаъ бен йоцу хӀусам йохийначу Нохчийн Республикин а, Дагестанан а бахархошна гӀо дар. И гӀо 2026-чу шеран товбецан 1-ра де тӀекхачале дан дезаш ду. Билгалдоккху, буьйцуш берш 2026-чу шеран бекарг-оханан беттанашкахь зенаш хилла бахархой хилар. Тидам тӀебахийтина, пачхьалкхан регистраци йина йоцу хӀусам йохийначу нахана гӀо дан дезаш хилар, нагахь санна, и церан цхьаъ бен йацахь. Цу хьокъехь долу тӀедиллар зорбане даьккхина ду Кремлан сайта тӀехь. И гӀуллакх кхочушдар Нохчийн Республикин а, Дагестан Республикин а кхочушдаран органашца цхьаьна Россин Федерацин Правительствона тӀедиллина. Ткъа цунна жоьпаллехь ву Кхиэлан пурстоьпийн федеральни гӏуллакхаллин куьйгалхо Аристов Дмитрий.

