Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀ... — 10 июля 2026 г. в 11:17:29.219
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъараллин фондо Кишин Кунта-Хьаьжин цӀарах Россин исламан университетехь дешна бевллачарна ахчанца совгӀаташ дина. Иттаннашкахь болчу къоначу говзанчашна хӀоранна а 100 эзар сом ахчанаш делла. СовгӀаташ далар дӀадаьхьира университетехь. Лакхарчу дешаран хьукматан ректора Мутушев Ӏабдурахьима билгалдаьккхира, университет схьайиллинчу дийнахь дуьйна фондо массо а агӀор гӀо деш хилар. Цул сов, Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана гуттар а терго йеш хилар бахьана долуш университетан аьтто хуьлу динан а, светски а говзанчаш кечбан. Университетан ректора а, хьехархоша а, студенташа а даггара баркалла элира Кадыров Рамзанна а, РОФ-н Президентана Кадырова Айманина а университетана терго йеш, гӀо деш хиларна.

