Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тӀедилларца Нохчийчоьнан Правительствон П... — 29 июня 2026 г. в 18:08:22.807
Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тӀедилларца Нохчийчоьнан Правительствон Председатела Даудов Мохьмада белхан цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Россин Федерацин Ӏаламан тӏаьхьалонийн а, экологин а министраца Козлов Александраца. Цу хьокъехь Даудов Мохьмада хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь. Цхьаьнакхетарехь дийцаре дина чӀогӀа догӀанаш эхар бахьана долуш хилла бохамаш дӀабахар а, Нохчийн Республикехь йарташ ларйаран а, хийистош чӀагӀйаран а гӀуллакхаш. "Экологин кхерамзаллица а, зенаш хиллачу нахана гӀо дарца а, бохаман тӀаьхьенаш дӏайахарца а доьзна долу гӀуллакхаш Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана гуттар а шен тергонехь латтош ду. Цуьнан тӀедилларца къаьсттина хала хьал долуш хилла тӀаьхьенаш дӀайахаран гӀуллакхаш сиха а, дика а дӀахьош ду", – йаздина Нохчийчоьнан Премьер-министра. Даудов Мохьмада билгалдаьккхира, Козлов Александра Нохчийн Республикин куьйгалло гонахьара хьал лардаран декъехь беш болчу белхан лаккхара мах хадийна хилар.

