Нохчийн Республикин "Зорбатохаран цӀийно" "СтелаӀодан хазна" аьлла цӀе йолу берашна лер... — 15 апреля 2026 г. в 11:43:33.242
Нохчийн Республикин "Зорбатохаран цӀийно" "СтелаӀодан хазна" аьлла цӀе йолу берашна лерина книшка арахецна. Берийн "СтелаӀад" журналан редакцехь билгалдаьккхина, иза "СтелаӀад" журналан гулдина хьалхара жайна хилар. Иштта, цигахь хаам бина тӀейогӀучу хенахь а, и санна йолу киншкаш арахеца шаьш дагахь хилар. Оцу киншки йукъадахана берашна лерина дийцарш, туьранаш, байташ, хӀетал-металш, кицанаш, кхидерг а. Иза арахецар лерина ду Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана шен Указца дӀакхайкхийна долчу Нохчийн меттан денна.

