Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан Указца Къилбаседа Кавказан Ӏеламнехан кхе... — 29 апреля 2026 г. в 09:24:23.120
Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан Указца Къилбаседа Кавказан Ӏеламнехан кхеташонан председательна Кадыров Хож-Ахьмадна динан бакъйолу мехаллаш йаржорна а, кегийрхой кхетош-кхиорехь къахьегарна а "Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсан" мидал йелла. И деза совгӀат цунна дӀаделира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела – Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада "Грозный" НПТРК-н "Иманан шовда" телевизионни программин 20 шо кхачарна леринчу цхьаьнакхетарехь. Иштта, оцу мероприятехь "Грозный" НПТРК-н корреспондентана Ахмедов Анзорана "Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна" мидал а йелла.

