Кавказан инвестицин форумехь Нохчийн Республикин кегийрхойн гӀуллакхашкахула йолчу мини... — 28 апреля 2026 г. в 18:07:15.391
Кавказан инвестицин форумехь Нохчийн Республикин кегийрхойн гӀуллакхашкахула йолчу министерствос а, Некъан федеральни агентствос (Росавтодор) а кегийрхойн пачхьалкхан политикехь цхьаьнагӀуллакхашдан барт бина. Барта кӀел куьйгаш йаздина Нохчийн Республикин кегийрхойн гӀуллакхашкахула волчу министран заместитела Висмурадов Абусайда а, Росавтодоран кегийрхойн советан председатела Остроухов Леонида а. Мехалчу кехат тӀехь билгалдаьккхина ма-хиллара, кхаа декъехь белхаш бийр бу цара: корматаллин агӀо а, патриотизмехь кхетош-кхиор а, Нохчийчоьнан кегийрхошна йукъахь волонтерство кхиор а. И дерриге а гӀуллакхаш некъан бахамна тӀе а тевжаш дийр ду. ЦхьаьнагӀуллакхашдаран гурашкахь тайп-тайпана акцеш а, конференцеш а, горга стоьлаш а, семинараш а дӀахьур йу.

