НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКИН МЕХК-ДЕН, РОССИН ТУРПАЛХОЧУН КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАНАН НОХЧИЙ... — 25 апреля 2026 г. в 13:57:49.344
НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКИН МЕХК-ДЕН, РОССИН ТУРПАЛХОЧУН КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАНАН НОХЧИЙН МЕТТАН ДЕНЦА ДОЬЗНА ДЕКЪАЛДАР: "Тахана вай билгалдоккхуш ду вайн культура а, истори а, синмехаллаш а лоруш берш цхьаьнатуху мехала терахь – Нохчийн меттан де! Ненан мотт – иза вайн синкхетам тӀехь лаьтта бух бу. Цо гойту халкъан амал а, цуьнан ламасташ а, Ӏер-дахаран хьал а. Мотт Ӏалашбарца вай ваьш Ӏалашдо, вайн шатайпаналла, дайшца йолу зӀе. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас гуттар а билгалдоккхура, халкъан дахар хедар доцуш шен маттаца доьзна хилар. И дешнаш вайна билгало хилла лаьтта. Нохчийн меттан меттиг чӀагӀйеш, цунах пайдаэцар алсамдоккхуш, кегийрхойн цуьнга болу ларам лакха боккхуш болх дӀахӀоттабо вай. Тахана республикехь кхочушдеш дуккха а гӀуллакхаш ду. Дешаран хьукматашкахь беш болх бу, дешаран Ӏаматаш а, киншкаш а йу арахоьцуш, дӀахьош йу культурин мероприятеш. Цу декъехь жигара дакъалоцу профильни министерствоша а, ведомствоша а. Цуьнца цхьаьна Нохчийн Республикехь болх беш, шен коьрта Ӏалашо нохчийн мотт баржор а, кхиор а йолу Экспертни кхеташо а йу. Цу йукъахь бевзаш болу Ӏилманчаш, йаздархой, журналисташ, йукъараллин гӀуллакххой бу. Беш болчу балхо боккха тӀеӀаткъам бо баккхийчарна а, иштта, кегийрхошна а. Пачхьалкхо деш долу гӀо мехала делахь а, коьрта меттиг цу тӀехь доьзало дӀалоцу. Цигахь кхоллало ненан маттаца йолу йукъаметтиг. Нагахь санна мотт хӀусамехь буьйцуш а, дахаран дакъа хилла дӀахӀуттуш а белахь, иза бехар бу, кхуьур бу. Массо а декъалво Нохчийн меттан денца! Ларбе иза, дӀакховдабе тӀаьхьенашка. Иза вайн декхар ду вайн халкъана а, историна а хьалха."

