Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тӀедилларца Россин Пачхьалкхан Думин депу... — 8 апреля 2026 г. в 17:14:18.717
Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тӀедилларца Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Россин Федерацин Президентан Администрацин куьйгалхочуьнца Вайно Антонаца. Цу хьокъехь Делимханов Адама хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь. Пачхьалкхан Думин депутата билгал ма-даккхара, цхьаьнакхетарехь дийцаре дина Пачхьалкхан Думехь законаш кечдаран а, Нохчийн Республика кхиоран а, гражданийн дахар тодаран а гӀуллакхаш. "Цо лакхара мах хадийра Нохчийн Республикин Мехк-Дас Ахьмад-Хьаьжин Рамзана куьйгалла а деш Нохчийчохь беш болчу белхан а, йерриге а агӀонашкахь бохуш болчу кхиамийн а. Хазахета, Эдуардан Антон ша балхана чӏогӏа тӀевоьлла воллушехь, гуттар а цхьаьнакхета а, ладогӀа а кийча волуш. Цо лерина терго вайн регионна", – йаздина цо.

