Цу хьокъехь телеграммерчу шен агӀонехь йаздина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рам... — 2 апреля 2026 г. в 13:40:36.219
Цу хьокъехь телеграммерчу шен агӀонехь йаздина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана. "Къаьсттина билгалдаьккхина Нохчийн Республико тӀеман лерринчу операцин дакъалацархошна деш долу гӀо. Царна лерина Нохчийчохь дӀахьош гӀодаран 31 гӀуллакх ду. НР-хь кеч а вина, тӀеман леррина операци дӀахьоче 75 эзар стаг вахийтина. СВО дӀайахьарехь гуттар а гӀо деш йу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах йолу йукъараллин фонд а. 43 млрд 420 млн сом хьажийна РОФ-о оборудовани а, машенаш а, леррина гӀирсаш а, бӀаьхоша духар а эцарна", – йаздина Кадыров Рамзана.

