Нохчийн Республикин кегийрхойн гӀуллакхашкахула йолчу министерствос дӀайаьхьначу "Ӏуьйр... — 1 апреля 2026 г. в 09:44:08.034
Нохчийн Республикин кегийрхойн гӀуллакхашкахула йолчу министерствос дӀайаьхьначу "Ӏуьйренан ламаз" акцин жамӀаш дар дӀадаьхьна Соьлжа-ГӀалин йуккъерчу майданахь. Цуьнан гурашкахь 131 берана вилспеташ йелла. Нохчийчоьнан кегийрхойн гӀуллакхашкахула волчу минисран гӀоьнчас Абубакаров Хьамзата билгал ма-даккхара, цхьадолчу бераша оцу акцехь дакъалоцу цхьа шо хилла ца Ӏа. "Берийн дине безам кхолларан а, уьш кхетош-кхиоран а Ӏалашонца дӀахьош йу акци. Цуьнан дакъалацархоша Мархийн баттахь хӀора а Ӏуьйранна ламазаш дора Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу "Нохчийчоьнан дог" маьждигехь. Дукхахдолчу бераша хьалхарчу шерашкахь а дакъа лаьцнера акцехь", – аьлла цо. Билгалдаккха догӀу берашна совгӀаташ дар Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъараллин фондо вовшахтоьхна хилар.

